Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:29

[1] Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дӀа хӀунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хӀунда велла те Хьо?

[2] Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргӀатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тӀехь Ӏаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа!

[3] Хьайн когаш гуттаренна а Ӏохкучу саьлнашна тӀеберзабехьа. МостагӀчо Хьан дезачу цӀа чуьра дерриг хӀума а дохийна дӀадаьккхина.

[4] Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагӀаша гӀигӀ дора. Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дӀахӀиттийна цара.

[5] Боьлакан дитташна диг тӀедерзош болчех шаьш тера хилар гойтура цара.

[6] Ткъа хӀинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хӀума шайн дагаршца а, жӀаьвнашца а йохийна цара.

[7] Хьан деза цӀа дерриг а дагийна цара. Хьан цӀе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш.

[8] Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дӀабохур бара вай», – бохуш, – лаьттара Делан гуламаш дӀахӀуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара.

[9] Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хӀинца, хӀара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца.

[10] Веза Дела, мел лаьттар ву те мостагӀа, Хьо емалвеш? Гуттара-м хир яц те мостагӀчо Хьан цӀе сийсазйохуш?

[11] Хьайн куьг – Хьайн аьтту куьг – сеца хӀунда до те Ахь? Хьайн духаран хоршана юккъера иза схьатохий, хӀаллакбехьа уьш.

[12] Амма Хьо, Дела, ширачу заманара дуьйна сан Паччахь ву, лаьттахь кӀелхьарвалар дахьаш верг Хьо ма ву!

[13] Хьайн ницкъаца хӀорд а дӀасабекъабалийтира Ахь, хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь.

[14] Левиятан цӀе йолчу хӀордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира, цуьнан дегӀ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дӀаделира.

[15] Хьостанаш а, татолаш а дӀаэхийтира Ахь. Саццаза дӀаихна хиш а лакъийра Ахь.

[16] Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю. Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дӀахӀоттийна.

[17] Лаьттан массо а дозанаш Ахь дӀахӀиттийна. Аьхке а, Ӏа а Ахь дӀакъастийна.

[18] Дагадаийтахьа Хьайна мостагӀа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цӀе сийсазъяхар.

[19] Хьайн къоркхокханан са акхаройн кара дӀа ма лохьа. ГӀело хьоьгуш долчу Хьайн халкъан дахар гуттаренна а диц ма дехьа.

[20] Хьажахьа Айхьа бинчу барте, хӀунда аьлча лаьттара ерриге а бодане меттигаш ницкъ баран меттигех юьзна.

[21] Ницкъ хилларг, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, юха ма воьрзийла. ГӀело хьоьгучо а, мискачо а Хьан цӀарна хастамаш бойла.

[22] Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гӀуллакх лардехьа, сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа.

[23] Диц ма дехьа Хьан мостагӀаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гӀовгӀа а.

Забур — Chapters