Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:24

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.

[2] ЛадогӀалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш! ХӀара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара:

[3] кӀезиг долчара а, цӀеяхана долчара а, къечара санна, хьал долчара а.

[4] Сан багано хьекъале хӀума эр ду. Сан деган ойланаш кхетамах юьзна хир ю.

[5] Сайн лерг хьекъалечу кицанна тӀедерзор ду ас. Сайн хӀетал-металан маьӀна мерз-пондар лакхарца дӀадоьллур ду ас.

[6] Стенна кхера веза со сайн де доьхначу деношкахь, суна тӀаьхьабевллачеран къиноша суна го бинчу хенахь?

[7] Уьш шайн бахамах тешна Ӏаш а бу, шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу!

[8] ХӀуъа дича а, адаме стаг паргӀатваккхалур вац. Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац.

[9] Адаман дахарх болу мах тӀех боккха бу, вайга иза цкъа а балалур а бацара,

[10] адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а, вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а

[11] ХӀоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тӀаьхьенна буьту.

[12] Къуббанаш ду церан цӀенош гуттаренна а, и хӀусамаш тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашна юьсур ю церан. Цара шайн мехкашна шайн цӀераш тохку.

[13] Амма адам, цуьнан мел доккха хьал делахь а, гуттаренна а ца дуьсу оцу лаьттахь. Иза а тарло леш долчу бежанех.

[14] Иштта хир бу сонталла йолчеран кхоллам а, цара аьлларг къобалдечарах хиндерг а.

[15] Уьш, уьстагӀий санна, эхарт чу бухкур бу. ЖаӀуьно дӀадуьгу жа санна, Ӏожалло дӀаоьцур бу уьш. Ӏуьйранна Делан лаамехь болчара церан кешнаш хьошур ду. Церан куьцаш дӀадевр ду эхартехь, шайн хӀусамашна геннахь.

[16] Эхартан олаллех паргӀатдоккхур ду сан са, Дала билггал кӀелхьарвоккхур ву со.

[17] Ма хьегалахь, хьал сов а дуьйлуш, сийлалла лакхадолучу адамах.

[18] ХӀунда аьлча ша дӀакхелхачу хенахь цо шеца хӀумма а дӀахьур яц. Цуьнан сийлалла цунна тӀаьххье дӀагӀур дац.

[19] Ша вехачу хенахь цо шен синна там берг леладахь а, цо аьтто баккхарна наха цуьнан сий дахь а,

[20] цкъа а серло гур йоцуш болчу, шен беллачу дайх дӀакхетар ву иза.

[21] Адам хьал долуш делахь а, цуьнан кхета ницкъ ца кхочу, леш долчу бежанех тарло иза а.

Забур — Chapters