Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:51

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Везачу Элан ялхо волчу Дауда язйина ю. ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура массо а мостагӀийн а, Шаулан а карара ша Цо кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. Дауда элира:

[2] «Веза Эла, Хьо веза суна, Хьо сан ницкъ бу!

[3] Веза Эла – сан чхар, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю.

[4] Шена хастам бан хьакъ долчу Везачу Эле ма кхойкху со, ткъа Цо сан мостагӀех кӀелхьарвоккху со.

[5] Ӏожаллин зӀенаша дӀалаьцнера со, дохаран тулгӀенаша дӀахьош вара со.

[6] Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха.

[7] Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан орца Цуьнан лере дӀакхечира.

[8] Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела.

[9] Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара елира, догуш долу кӀегий цу чуьра охьаоьгура.

[10] Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.

[11] Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь дӀавахара Иза.

[12] Цо хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира.

[13] Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира.

[14] Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гӀовгӀа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кӀегий серладевлира

[15] Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.

[16] Веза Эла, Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, Хьан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча, хӀордийн баххаш гучудевлира, лаьттан баххаш схьаделладелира.

[17] Везачу Эло лакхенгара, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.

[18] Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.

[19] Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира, амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.

[20] Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.

[21] Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цӀена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла.

[22] Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делехьара дӀа ца верзалуш, со Ӏеса а ца лелара.

[23] Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.

[24] Цунна хьалха со цӀена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла.

[25] Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.

[26] Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.

[27] ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца – цуьнан мекарлоне хьаьжжина хуьлу.

[28] Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху, ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаӀабо.

[29] Веза Эла, сан стогар Ахьа латабо. Сан бода а Дала серлабоккху.

[30] Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.

[31] Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу! Везачу Элан дош ма цӀена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.

[32] Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург? Тарх санна, дӀахӀоьттина мила ву, вайн Дела воцург?

[33] Берриг ницкъ а Дала ло суна, дахаран некъ а нисбо Цо сан.

[34] Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхенашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.

[35] Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо, аса хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.

[36] Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан аьтту куьйго со лар а вира. Хьан гӀодаро со тӀех воккха а войтура.

[37] Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан болар гал ца долура.

[38] Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, царна тӀекхиира со. Уьш, хӀаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со.

[39] Хьала ца гӀовттабаллал ас уьш охьабехкира, ткъа уьш сан когашка охьаийгира.

[40] Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.

[41] Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела со цавезнарш ас хӀаллакбина.

[42] Цара, шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо царна жоп ца лора.

[43] Мохо дӀасаяржо чан санна, царах кегийра дакъош ас дора. Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура.

[44] Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кӀелхьарваьккхина. Кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалхо Ахь со вина. Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хӀинца суна гӀуллакх до.

[45] Сох лаьцна шайна дӀа-ма-хеззи, суна муьтӀахь хуьлу уьш. Кхечу мехкашкара нах суна хьалха хьестало.

[46] Даг чохь болчу кхерамо гӀора дӀадаьккхинера церан, цундела, бега а беш, шайн чӀагӀонашкара арабуьйлура уьш.

[47] Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда со кӀелхьарвоккху Дела!

[48] Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,

[49] сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.

[50] Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе а хестор ю ас.

[51] Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».

Забур — Chapters