Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:09

[1] Баркаллин назма. Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле!

[2] Хазахетарца Ӏамал е Везачу Элана. Цунна хьалха даккхийдеран эшаршца гӀо!

[3] ДӀахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагӀий а ду.

[4] Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу, иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а. Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цӀе.

[5] ХӀунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна.

Забур — Chapters