[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
[2] Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дӀахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тӀехӀоьттича, Ахь гӀо дора суна, хӀинца а хилахьа соьца дика, сан доӀанна жоп лохьа.
[3] ХӀай нах! Мел дукха Ӏан дохку шу, Со сийсаз а веш? Эрна хӀуманаш а дезаш, харцдерг а лоьхуш, мел лела дохку шу?
[4] Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш. Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза.
[5] Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летадойла аша. Цунах лаьцна кӀоргге ойланаш аша елаш, шайн меттахь дӀатийна шаьш Ӏачу хенахь.
[6] Везачу Элана лерина нийса сагӀанаш цӀеначу даггара дахалаш, Цунах тешна хилалаш.
[7] Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?» Хьан юьхь тӀера серло тхуна лепийла, Веза Эла!
[8] Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кӀа а, чагӀар а церан шортта делахь а.
[9] Меттахь Ӏуьллучу хенахь паргӀат наб йо ас, Веза Эла. Хьо воцучо цхьаммо а кхерам боцуш вха ца вуьту со.