Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:02

[1] Асайпан назма. Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тӀекхойкху малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта.

[2] Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тӀера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу.

[3] СхьавогӀур ву Вайн Дела, амма тийналлица вогӀур вац Иза. Дерриг хӀума а дӀакхоллуш йолу цӀе ю Цунна хьалха, чехкабаьлла мох бу Цунна гонах.

[4] Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо, Шен халкъана Ша кхел ярхьама:

[5] «Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш, сагӀа даккхарца Соьца барт бинарш».

[6] Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо, хӀунда аьлча Дела – Ша ву Кхелахо.

[7] «ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву!

[8] Ахь дохучу сагӀанашна дуьхьал эр дац Ас хӀумма а – хьан дийнаташ дагоран сагӀанаш гуттара а ду Суна хьалха.

[9] ХӀетте а, Ас хьан цӀентӀера стерчий а схьаоьцур дац я хьан гӀотанашкара бежалой а тӀеоьцур яц.

[10] ХӀунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду.

[11] Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха.

[12] Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хӀунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хӀума а.

[13] Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цӀий молуш ву ткъа Со?

[14] Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.

[15] Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду».

[16] Амма Ӏесачуьнга Дала иштта боху: «Ас тӀедехкинарш а хӀунда кхайкхадо ахь, Соьца бина барт а хӀунда бу хьан багахь?

[17] Ткъа хьо нисвар хьуна бӀаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тӀехьа дӀатотту ахьа.

[18] Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо, сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан.

[19] Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу.

[20] Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кӀантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь.

[21] Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хӀинца Ас хьуна тӀехдеттар а ду, хьан бӀаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу.

[22] Кхеталаш хӀокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кӀелхьардохург ца хиларна.

[23] Суна сагӀина хастамаш бахьаш волчо Сан ларам бо. Ша лела некъаш нисдеш волчунна Ас Делера долу кӀелхьарвалар гойтур ду».

Забур — Chapters