[1] Даудан назма. qac Аqac* мал вон йолчарах Ӏеха ма лолахь, зуламаш лелочарах ма хьегалахь.
[2] ХӀунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догӀу ялта санна, маргӀал а лур бу.
[3] qac Бqac* илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де. Лаьттахь вехаш а хила, догцӀеналла лар а е.
[4] Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу.
[5] qac Вqac* езачу Элан кара хьайн некъ дӀа а ло, Цунах тешна Ӏаш а хила, ткъа тӀеоьшург Цо кхочушдийр ду.
[6] Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю.
[7] qac Гqac* Ӏам-гӀим а ца деш, тийна а волуш, Везачу Эле ладоьгӀуш хилалахь. Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу мекарчу стагах ма хьегалахь.
[8] qac Дqac* ералла а йиталахь, оьгӀаз а ма эхалахь. Хьайх зулам даллийтал хьагӀ йолуш ма хилалахь.
[9] ХӀунда аьлча зулам долуьйтурш хӀаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду.
[10] qac Еqac* рриг а хан дукха ер яц, ткъа Ӏесаниг кхин хир а вац. И хиллачу метте хьо дӀахьаьжча, цигахь иза хир ма вац.
[11] Ткъа эсала болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду.
[12] qac Жqac* ирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Ӏесачо йо, уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо.
[13] Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хӀунда аьлча Ӏесачун тӀаьххьара де тӀекхочуш хилар го Цунна.
[14] qac Иqac* ра тарраш Ӏесачара баттара схьадоху, шайн секхаӀедаш а цара тӀехьежадо, къениг а, мисканиг а охьавиллархьама а, нийсачу новкъахь берш чекхбахархьама а.
[15] Тарраш церан шайн дегнех чекхдевр ду, церан секхаӀедаш кеглур ду.
[16] qac Кqac* Ӏеззиг долу Делан лаамехь болчеран хьал – Ӏесачеран дуккха а долчу хьолал гӀолехь ду.
[17] ХӀунда аьлча Ӏесачеран ницкъ бохийна хир бу, ткъа Шен лаамехь берш Везачу Эло чӀагӀбо.
[18] qac Лqac* еррина хьоьжу Веза Эла цӀена лелачийн хьашташка, царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду.
[19] Буьрсачу хенахь а юьхьӀаьржачу хӀиттор бац уьш, меца хан тӀееача а, буьзна хир бу уьш.
[20] qac Мqac* аргӀалдоьлла аренан зезагаш санна, Ӏесанаш хӀаллакьхир бу. Везачу Элан мостагӀий, кӀур санна, дӀабовр бу.
[21] qac Нqac* агахь Ӏесачо духалург даккхахь, иза юха дӀа ца ло цо, ткъа Делан лаамехь волчо шен къинхетам хиларца дӀало.
[22] ХӀунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, ткъа Цо неӀалт кхайкхийнарш дӀалелхор бу.
[23] qac Оqac* нда чӀагӀбо Везачу Эло адаман некъ, цо йоху гӀулчаш Шена тамехь елахь.
[24] Иза, ког тасабелча а, вужур вац, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дӀалоцу.
[25] qac Пqac* оп санна а волуш, къона вара со, ткъа хӀинца къанвелла. Делан лаамехь верг суна дӀатесна а ца гира, цуьнан тӀаьхье бепиг доьхуш а ца гира.
[26] Цо хӀора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло. Цуьнан тӀаьхье декъала а хир ю.
[27] qac Сqac* овдоккхуш дикалла, зулам дарх дӀаверзалахь – лаьтта тӀехь гуттаренна а вехар ву хьо.
[28] ХӀунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дӀа а ца туьйсу. qac Тqac* ешаменаш абаденналц Ӏалашбийр бу, ткъа Ӏесачеран тӀаьхье дӀаэккхор ю.
[29] Делан лаамехь болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, уьш цу тӀехь абаденналц бехар бу.
[30] qac Уqac* ггар хьекъале дерг Делан лаамехь волчун багара схьадолу, цуьнан матто а бакъдерг олу.
[31] Шен Делан хьехамаш цуьнан даг чохь бу, ткъа царна тӀера иза дӀа а ца волу.
[32] qac Хqac* qac ьqac* оьжуш хуьлу Ӏесаниг Делан лаамехь волчуьнга, иза вен дагахь, кӀело яр лоьхуш.
[33] Амма Везачу Эло иза Ӏесачун кара дӀалур вац. Уьш кхеле бевлча, Цо иза бехке а лоруьйтур вац.
[34] ЧӀогӀа Везачу Эле са а тийса, Цуьнан новкъахула бен ма лела. ТӀаьхьалонна латта хьуна а кхочуьйтуш, Цо хьан сий дийр ду. Ткъа Ӏесанаш дӀа а лелхор бу, хьуна иза гур а ду.
[35] Шен орамаш чӀагӀдина волу луьра Ӏесаниг гира суна, сенделла гаьннаш долчу диттах терра волу.
[36] Амма со тӀехваьлча, иза ван а вацара. Аса и лоьху, ткъа суна кара а ца во иза.
[37] Юххерачу цӀена лелаш волчун тергам а бе, догцӀеначу нехан леррина тергам а бе, тӀаьхье машаран стеган хир йолу дела.
[38] Ткъа зуламенаш берриш а хӀаллакбийр бу. Ӏесачеран тӀаьхье хӀаллакйийр ю.
[39] Ӏазап хьоьгучу хенахь Делан лаамехь болчарна Веза Эла чӀагӀо санна ву, Цуьнгара церан кӀелхьарбовлар ду.
[40] Везачу Эло царна гӀо а до, уьш лар а бо. Ӏесачарах Цо уьш паргӀат а боху, царах Цо уьш кӀелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела.