[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. ХӀара хьехаме назма Дауда язйинера,
[2] ша Арам-НахӀараим-махкахь а, Цоба-махкахь а арамхошца тӀом бечу хенахь а, Йоаба, цигара юха а вирзина, Дуьрачу тогӀи чохь шийтта эзар эдомхо хӀаллаквинчу хенахь а.
[3] Ва Дела! Ахь дӀатесна тхо, Ахь дохийна тхо. Хьо оьгӀазвахана тхуна – хӀинца юхаметтахӀоттадехьа тхо!
[4] Ахь латта ластийна, Ахь иза дохийна. Цуьнан йоьхна меттигаш меттахӀиттаехьа, хӀунда аьлча иза лесташ ду.
[5] Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина, тхо дӀасатехкадолуьйту чагӀар малийна Ахь тхуна.
[6] Хьайга ларамах буьзначарна Ахьа байракх хьалаайина, уьш Ӏодах кӀелхьарбовлийтархьама.
[7] Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха деш долу доӀанаш дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.
[8] Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
[9] ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.
[10] Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПӀелаштам-мохк!»
[11] ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?
[12] Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?
[13] ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта, хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.
[14] Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.