[1] Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.
[2] Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тӀех ма деттахьа. Хьо оьгӀазвахханчохь суна таӀзар ма дехьа.
[3] ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.
[4] Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегӀа тӀехь. Сан даьӀахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь.
[5] Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тӀехь ма ду уьш, беза мохь санна.
[6] Вон хьожа а йогӀуш, наткъарх юьзна ю суна тӀера чевнаш, сан хьекъал ца кхачарна.
[7] Сатта а сеттина, охьатаьӀна лела со, дийнахь сарралц гӀайгӀанехь лела со.
[8] Кийра а буьзна дерачу чевнех сан, дегӀа тӀехь дийна меттиг а ца йисна сан.
[9] Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна, узарш деш лела со, дог чӀогӀа дохарна.
[10] Веза Эла! Сан берриг а лаамаш Хьуна хьалха ма бу. Сан синан садеӀар Хьох къайла ца долу.
[11] Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со. БӀаьргийн серло а яц ур-атталла хӀинца сан.
[12] Сан доттагӀий а, накъостий а сан даьӀнех дӀабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли.
[13] Ткъа со вен тӀаьхьабевллачара суна гураш дугӀу. Суна зулам хила луучара со дакъазаваларх лаьцна дуьйцу, цара хӀора дийнахь юкъа питанаш туьйсу.
[14] Ткъа суна-м хезаш дац, къорачунна санна, ву со бага дӀа ца йоьллу, мотт ца хуург санна.
[15] Хилла со къора стаг санна, багахь дала жоп доцуш волу.
[16] ХӀунда аьлча, Веза Эла, Хьоьга ас ладоьгӀу. Сан Хьалдолу Дела, Ахь суна жоп лур ма ду.
[17] ТӀаккха ас элира: «Суна тӀехь толам ма боккхийла сан мостагӀаша. Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш».
[18] Со вожа герга ву, сан бала гуттара а соьца бу.
[19] Со къера ву сайн харцонашна, дохковаьлла со сайн къинна.
[20] Ткъа сан мостагӀий бехаш а, чӀагӀлуш а лаьтташ бу. Бахьана доццушехь, со цавезарш багар ца баллал бу.
[21] Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш, аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу.
[22] Ма витахьа со, Веза Эла! Гена ма валахьа суна, сан Дела!
[23] Суна гӀо дан сихлохьа, Веза Эла волу, сан КӀелхьарвоккхург!