Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:19

[1] Ва Дела, со бехказаваккхахьа, диндоцучу халкъана дуьхьал болчу сан къовсамехь суна гӀо дехьа. Мекарчу а, зуламечу а адамех со кӀелхьарваккхахьа!

[2] Дела, Хьо ю сан чӀагӀо. Со дӀа хӀунда теси те Ахьа? Сан мостагӀчо суна гӀело а йина, гӀайгӀане хӀунда лела те со?

[3] Хьайн серло схьаяийтахьа, Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа. Цара со дӀавуьгийла, цара со хьалавоккхийла Хьан безачу лома тӀе, Хьо Ӏаш волчу цӀийне.

[4] ТӀаккха со дӀагӀур ву Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе, сан хазахетаран а, самукъадаларан а Дела волчу. Аса мерз-пондарца хастамаш бийр бу Хьуна, ва Дела, сан Дела!

[5] ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча аса кхидӀа а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.

Забур — Chapters