Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:50

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Мел дика а, тамехь а ду динан вежаршна бертахь цхьаьна баха!

[2] Коьрта тӀе а доьттина, АхӀаронан можа тӀехула, цуьнан бедарийн йистошка охьаоьху деза даьтта санна ду иза.

[3] Цийон-лаьмнаш тӀе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза. Цигахь делла халкъана Везачу Эло Шен декъалдар: хедар доцу дахар.

Забур — Chapters