[1] Даудан назма. qac Аqac* са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.
[2] qac Бqac* илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа. Сох мостагӀий ма кхардийтахьа.
[3] qac Бqac* ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
[4] qac Гqac* айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.
[5] qac Дqac* е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со, Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.
[6] qac Еqac* рриг а заманашкахь дуьйна болу Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а дагабаийтахьа, ва Веза Эла.
[7] qac Зqac* уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела.
[8] qac Иqac* сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна, бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.
[9] qac Кqac* Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо, Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо.
[10] qac Лqac* еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.
[11] qac Мqac* ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа.
[12] qac Нqac* агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь, адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.
[13] qac Оqac* цу стага диканца шен хан а йоккхур ю, цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду.
[14] qac Пqac* аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан Шега ларамах буьзначаьрца, Шен барт а Цо царна бовзуьйту.
[15] qac Рqac* ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.
[16] qac Сqac* оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа, хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву.
[17] qac Тqac* Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш, сан баланех со хьалхаваккхахьа.
[18] qac Уqac* зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а, со гӀелваларан а тидам бехьа, сан дерриге а къиношна гечдехьа.
[19] qac Хqac* ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш. Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.
[20] qac Чqac* ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со. Хьох тешна Ӏаш волу дела, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со.
[21] qac Шqac* еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела, цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со.
[22] qac Ӏqac* ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех, Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ.