Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:31

[1] Даудан назма. Веза Эла сан Ӏу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан.

[2] Цо сийначу бай тӀехь дӀа а вижаво, тийначу хи тӀе а вуьгу со.

[3] Сан синна ницкъ а луш, Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.

[4] Ӏожаллин ӀиндагӀ долчу тогӀи чухула со дӀагӀахь а, вонах кхоьрур вац со, хӀунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Ӏасано синтем ло суна.

[5] Сан мостагӀашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тӀех буьзна бу.

[6] Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас.

Забур — Chapters