Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:29

[1] Асайпан назма. Мел дика ву Дела Исраилан халкъаца, дог цӀена болчаьрца!

[2] Амма сох лаьцна аьлча, сан ког шарша гергга бара, некъа тӀехь гӀулч а йоккхуш, галвала со гергга вара.

[3] Ӏесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагӀ хуьлура.

[4] Шаьш дӀакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догӀмаш могуш а хуьлу.

[5] Адамийн гӀайгӀанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гӀело а ца хьоьгу.

[6] Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дӀалаьцна уьш, тӀедухучу духаро санна, къизалло дӀахьулбина уьш.

[7] Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю.

[8] Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гӀело яран ойланаш йо цара.

[9] Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дӀаса а даьржа.

[10] Цундела цара дечунна тӀедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш.

[11] Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?»

[12] Иштта бу и Ӏесанаш! Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу.

[13] Ас сайн дагахь элира: «ТӀаккха аса сайн дог цӀандар а, сайн куьг цӀена леладар а эрна хилла те?

[14] Дийнахь сарралц соьга Ӏазап а хьоьгуьйту, хӀора Ӏуьйранна суна таӀзарш а дойту».

[15] Ткъа: «Ас цу тайпана къамел дийр ду», – ас аьллехьара, Хьан берийн тӀаьхьенна хьалха со бехке хир вара.

[16] Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш. Амма суна цунах кхета хала дара,

[17] Делан цӀийнан керта а вахана, Ӏесачеран кхолламах со кхетталц.

[18] Бакъду, ког шершачу меттиге дӀа а хӀиттийна, Ахь уьш тӀепаза бойуьйтур бу.

[19] Ма сиха хӀаллакьхуьлу уьш, къемат тӀедарца чекхбовлу уьш.

[20] Самабевлча, дӀадовш долу гӀан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла. Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь.

[21] Сан дог гӀайгӀане хиллачу хенахь, сан са карзахдаьллачу хенахь,

[22] сонта а вара, кхеташ а вацара со. Хьуна хьалха бежана санна вара со.

[23] Амма гуттара а Хьоьца ву со. Ахь аьтту куьйга дӀалоцу со.

[24] Хьайн хьехарца дахарехь дӀанисво Ахь со, цул тӀаьхьа Хьайн сийлалле дӀаоьцур ву Ахь со.

[25] Хьо воцург мила ву суна стигалахь? Хьо воцург цхьа а ца оьшу лаьттахь.

[26] Сан дегӀ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела – сан деган чӀагӀо а ю, абаденналц сан дакъа а ду.

[27] ХӀунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хӀаллакьхуьлу. Хьайна тешаме воцу хӀорра а Ахь хӀаллакво.

[28] Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар. Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах. Хьан дерриг а гӀуллакхаш ас дӀакхайкхор ду.

Забур — Chapters