Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:14

[1] Даудан назма. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!

[2] Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.

[3] Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула.

[4] Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз.

[5] Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.

[6] Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту.

[7] Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо.

[8] Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.

[9] Сешка кӀорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.

[10] ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.

[11] Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло. Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.

Забур — Chapters