Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 18:43

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, – дӀаолийла Исраилан халкъо. –

[2] Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, амма суна тӀехь толам ца баьккхина.

[3] Сан букъа тӀехь охана дина, ахархоша деха хершнаш даьхна.

[4] Амма Веза Эла нийсо лелориг ву: Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира».

[5] Эхь а хетта, юхабовлийла Цийон-лам тӀехь лаьтташ долу Делан цӀа ца дезаш болу берриш а!

[6] Схьаяккхале якъалуш йолу тхов тӀера буц санна хуьлда уьш.

[7] Цу бецах маьрсахочо буй бузур бац, ткъа цӀов боьхкуш волчо – шен кана.

[8] Уллохула тӀехбовлучара эр дац: «Везачу Элан декъалдар шуна тӀехь хуьлийла! Везачу Элан цӀарца оха декъалдо шу!»

Забур — Chapters