Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:48

[1] Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[2] Баркалла ала деланийн Далла – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[3] Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[4] Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[5] Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[6] Баркалла ала Хишна тӀехь латта ЧӀагӀдинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[7] Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна: (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)

[8] царах малх дийнан Ӏуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)

[9] бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[10] Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[11] Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу)

[12] нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[13] Баркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[14] Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[15] Баркалла ала пирӀун а, цуьнан эскар а Эрзийн хӀордана чу Кхоьссинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[16] Баркалла ала Шен халкъ яьссачу арахула Чекхдаьккхинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[17] Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[18] Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна: – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[19] Эмархойн паччахь Сихьон а, – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[20] Башанан паччахь ӀовгӀа а – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[21] Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[22] Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[23] Баркалла ала вай эшийна хиллачу хенахь вай Дагадаьхкинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[24] Баркалла ала вай вешан мостагӀех КӀелхьардаьхначунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[25] Баркалла ала муьлххачу а садолчу хӀуманна кхача Лучунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[26] Баркалла ала стигалийн Далла – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!

Забур — Chapters