[1] Даудан назма. Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа! Хьо тешаме хиларна ладогӀахьа сан дехаре! Ахь нийсо лелорна жоп лохьа суна!
[2] Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хӀунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац.
[3] МостагӀа ву суна тӀаьхьаваьлла, цо лаьттаца дӀашарвина со. Боданехь Ӏойту цо со, дуккха а хьалха белларш санна.
[4] Суна чохь долу са эшна ду, сан дог шелделла ду.
[5] Суна дагадогӀу дӀаихна денош, Хьан массо а гӀуллакхех ойла йо ас, Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.
[6] Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.
[7] Жоп лохьа суна хӀинцца, Веза Эла! Сан са кхачош ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа, коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.
[8] Ӏуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна, хӀунда аьлча Хьох тешна Ӏаш ву со. Со дӀаваха веза некъ гайтахьа суна, хӀунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду.
[9] Веза Эла, сан мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со! Хьоьга лар ма войту аса со.
[10] Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Ӏамавехьа со. Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тӀехула вуьгийла со.
[11] Хьайн цӀеран дуьхьа, Веза Эла, сан дахар кхоадехьа. Айхьа нийсо лелорна, баланах хьалхардаккхахьа сан са.
[12] Хьайн соьга болчу хедар боцучу безамца сан мостагӀий хӀаллакбехьа, сан синна ницкъ бийраш дакъазабахахьа, хӀунда аьлча со – Хьан ялхо ву.