[1] Везачу Элана бу хастам! Хастаейша Везачу Элан цӀе, хастаейша иза, Везачу Элан ялхой,
[2] Везачу Элан цӀенна уллохь гӀуллакх деш болу, вайн Делан цӀийнан керташкахь лаьтташ болу.
[3] Хаставейша Веза Эла, хӀунда аьлча Веза Эла дика ву. Цуьнан цӀарна эшарш лакхийша, хӀунда аьлча иза дагна тамехь ду.
[4] Везачу Эло Шена Якъубан тӀаьхье хаьржина, Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина.
[5] Суна хиъна Веза Эла сийлахь вуйла, вайн Веза Эла массо а деланел лакхара вуйла.
[6] Везачу Эло Шена луъург до стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а, хӀордашкахь а, массо а хин кӀоргенашкахь а.
[7] Цо дуьненан йистошкара мархаш гӀиттайо, догӀа догӀуш стелахаьштигаш тухуьйту, Шен хӀума дӀаюьллучу меттера мох арабоккху.
[8] Мисар-махкара хьалха дуьнен чу девлларш хӀаллакдина Цо – хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий а, хьалха хилла дийнаташ а.
[9] Хьо болчохь, Мисар-мохк, Цо тамашийна билгалонаш а гайтина, инзаре хӀуманаш пирӀунна а, массо а цунна уллорачарна а тӀехецна.
[10] Цо дуккха а къаьмнаш эшийна, андий паччахьаш хӀаллакбина:
[11] эмархойн паччахь Сихьон а, Башанан паччахь ӀовгӀа а, канаӀанхойн массо а паччахьаш а.
[12] Церан латта Шен халкъана, исраилхошна, тӀаьхьалонна дӀаделла Цо.
[13] Веза Эла, Хьан цӀе гуттаренна ю. Веза Эла, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
[14] ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъ бехказадоккхур ду, Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам бийр бу.
[15] Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
[16] Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
[17] Церан лергаш ду, амма царна ца хеза, хӀо дац церан батошкахь.
[18] Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
[19] Исраилан халкъ! Хаставе Веза Эла. АхӀаронан тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.
[20] Левин тӀаьхье! Хаставе Веза Эла. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзнарш! Хаставе Веза Эла.
[21] Цийон-лома тӀера хаставе Веза Эла, Ярушалаймехь Ӏаш волу Веза Эла! Везачу Элана бу хастам!