Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:42

[1] Даудан назма. Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю, Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.

[2] Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе? ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.

[3] Ас сайна уллохь вон гӀуллакх дойтур дац. Делах дӀабирзинчара лелораш суна ца деза. И хӀуманаш суна тӀелетар дац.

[4] Телхина ойланаш ас дага чуьра дӀахерйийр ю. Вон хӀуманаш суна девзар дац.

[5] Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дӀасовцор бу. Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац.

[6] Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш, уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама. ЦӀеначу новкъахь лелаш болчаьрга – цаьрга сайна гӀуллакх дойтур а ду.

[7] Ямарта волу стаг сан цӀа чохь Ӏийр вац. Харцдерг дуьйцург сан бӀаьргашна хьалха лаьттар вац.

[8] ХӀора Ӏуьйранна ас совцор бу махкахь болу массо а Ӏесанаш. Везачу Элан гӀалара Аса дӀабохур бу берриш а харцонаш лелош берш.

Забур — Chapters