[1] Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
[2] Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,
[3] хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара – малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а.
[4] Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара, шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.
[5] Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.
[6] Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
[7] Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.
[8] Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
[9] Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во.
[10] Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,
[11] хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
[12] Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.
[13] Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
[14] Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.
[15] Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
[16] ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
[17] Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.
[18] Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.
[19] Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.
[20] Цо Шен дашца дарба а дира царна, хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.
[21] Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
[22] Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.
[23] Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.
[24] Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.
[25] Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду, яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.
[26] Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.
[27] Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.
[28] Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
[29] Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра, тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.
[30] ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.
[31] Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
[32] Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла, къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.
[33] Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.
[34] Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.
[35] Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо, ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.
[36] Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.
[37] Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь, кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу, цигара шортта ялта схьа а гулдо.
[38] Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.
[39] ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.
[40] ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.
[41] Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
[42] Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.
[43] Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.