Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:37

[1] Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тӀехула йолчу Шен Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш ву: дегадойла латта!

[2] Веза Эла Цийонехь сийлахь-воккха ву, Иза дерриге а къаьмнел лекха а ву.

[3] Цара хастам бойла Хьан цӀарна, иза сийлахь а, ларам бузуьйтуш а ю, Дела веза ма ву!

[4] Паччахь нуьцкъала ву, Иза нийса кхел езаш ву. Ахь нийсо дӀахӀоттийна. Якъубан тӀаьхьенан халкъана Ахь бакъдерг а, нийсо а лелийна.

[5] Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кӀелонна хьалха Ӏибадат дейша, Дела веза ма ву!

[6] Динан дайшна юкъахь Муса а, АхӀарон а вара, ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь. Цара Везачу Эле доӀанаш дора, Цо царна дуьхьал жоп а лора.

[7] Мархин бӀогӀамна юкъара схьа вистхуьлуш вара Иза цаьрга. Цуьнан бакъонаш а, Цо делла парзаш а цара лардора.

[8] Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугӀура. Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира, ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора.

[9] Вазвейша вайн Веза Дела! Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь, хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела.

Забур — Chapters