[1] Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
[2] Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чӀогӀа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гӀалахь, Цуьнан безачу лома тӀехь.
[3] Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агӀор сийлахьчу Паччахьан гӀала ю.
[4] Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина.
[5] Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гӀалина тӀелата тӀебахара.
[6] И дерриг ган а гина, Ӏадий уьш, боха а боьхна, дӀабевди уьш.
[7] Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш, берах хьийзош йолу зуда санна,
[8] доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна.
[9] Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна, ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь. Дала и гӀала гуттаренна а латтайо.
[10] Ва Дела, Хьан хедар боцучу безамах лаьцна ойланаш йо оха, Хьан цӀийнан кертахь лаьтташ.
[11] Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц йоккхуш йолу Хьан цӀе санна бу Хьуна бо хастамаш. Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна.
[12] Цийонан нехан самукъа а долийла. Хьан бакъйолу кхелаш бахьанехь ЯхӀуд-мехкан ярташна хаза а хетийла.
[13] Цийон-ломана гонах чекх а довлий, цунна го а баккха, цуьнан бӀаьвнаш ягар а е.
[14] Цуьнан арахула йолчу чӀагӀонийн тидам бе, дикка хьажа цунна чохь йолчу гӀепашка, царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тӀаьхьенашка:
[15] «И Дела абаденналц вайн Дела ву. Вай делла дӀадовллалц Иза вайн урханча ву».