[1] Исраилхой Мисар-махкара арабевлча, Якъубан тӀаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча,
[2] ЯхӀудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дӀахӀоьттира, Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дӀахӀоьттира.
[3] Иза гина болу Эрзийн хӀорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира.
[4] УьстагӀий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш, гунаш а дара, Ӏахарий санна, ирхлелхаш.
[5] ХӀун хилла хьуна, хӀорд, хьо дӀа хӀунда бедда? Хьуна а хӀун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла?
[6] Шу хӀунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагӀий санна, ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Ӏахарий санна?
[7] Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде.
[8] Цо тархах, Ӏам бой, дӀахӀоттабо, иштта тӀулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту.
[9] Тхуна а ца луш, Веза Эла, тхуна а ца луш, амма Хьайн цӀарна бен сийлалла ма лойла, Хьайн хедар боцу безам хилар а, Хьо тхуна тешаме хилар а бахьанехь.
[10] Кхечу къаьмнех болчара стенна боху: «Мичахь ву церан Дела?»
[11] Тхан Дела стигалахь ву, Цо Шена луъург а до.
[12] Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
[13] Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
[14] Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогӀу.
[15] Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу.
[16] Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
[17] Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
[18] Ва АхӀаронан тӀаьхье, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
[19] Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
[20] Везачу Элана вай дагахь лаьтташ ду, Цо вай декъалдийр ма ду: Исраилан халкъ Цо декъалдийр ду, АхӀаронан тӀаьхье Цо декъалйийр ю.
[21] Цунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу. Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.
[22] Везачу Эло шу дебадойла, шу а, шун тӀаьхье Цо дебайойла!
[23] Декъалдойла шу Везачу Эло, стигал а, латта а кхоьллинчо.
[24] Стигал Везачу Элан долахь ю, ткъа латта Цо адамашна дӀаделла.
[25] Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац, Ӏожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац.
[26] Везачу Элана хастамаш вай-м бийр бу, хӀинца дуьйна абаденналц. Везачу Элана бу хастам!