[1] Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна. Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна.
[2] Кара турс а эций, тӀе гӀагӀ а духий, волахьа Хьо суна гӀо дан.
[3] ГӀоьмукъ хьала а айий, совцабехьа и сан мостагӀий. Алахьа Ахь сан сине: «Со ву хьо кӀелхьардоккхург».
[4] Сан синна тӀаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, юха а боьрзийла.
[5] Мохо дӀасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дӀа а лохкийла уьш.
[6] Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла. Царна тӀаьхьа Везачу Элан Малик а долийла.
[7] Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна.
[8] ЦӀеххьана хӀаллакьхилар нислойла хӀинца царна шайна. Къайлаха когаш кӀел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хӀаллакьхуьлийла уьш.
[9] Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду, Цуьнгара долчу кӀелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду.
[10] Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гӀийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг.
[11] Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.
[12] Ас динчу диканна вон до суна цара. Сан са а ма дуьту дӀатесна цара.
[13] Уьш цомгуш хилча, ас-м таьӀна бедарш юхура. Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца. Ас дина доӀанаш жоп доцуш дисича,
[14] доттагӀа я ваша и волуш санна, гӀайгӀане хуьлура со. Сайн ненан тезетахь санна, корта а оллийна, халахетта хуьлура со.
[15] Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора. Суна хӀума олуш берш цхьаьна ма кхетара. Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.
[16] АстагӀчух буьйлурш санна, соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора.
[17] Хьалдолу Эла! Кхин дукха Ӏийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш? Ахь кӀелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех, лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!
[18] Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю. Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.
[19] Харц бахьанашца сан мостагӀий баккхий ма бейтахьа. Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бӀаьргаш ма теӀабайтахьа.
[20] ХӀунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара, ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь.
[21] Суна дуьхьал шайн баганаш а гӀиттош, цара олу: «ХӀаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!»
[22] Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла! Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена!
[23] Сама а валий, суна гӀоьнна дӀахӀоттахьа. Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалх бехказаваккхахьа со.
[24] Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тӀехь, сан Веза Дела! Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.
[25] Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна: «ХӀара дара-кх оха лоьххург», – аьлла. Ма олийла-кх цара: «ХӀара-м оха дӀакхаьллира».
[26] Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалх кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла.
[27] Хазахетарца баккхийбойла со бакъвина хила лууш берш. Хаддаза олийла цара: «Вазлойла Веза Эла, Шен лен ирс хазахеташ волу».
[28] Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш, муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш.