[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
[2] Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Ма тайна ду-кх Хьо Ӏаш долу цӀенош!
[3] Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегӀ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду.
[4] Хьозанна а шена даха меттиг карайо, чӀегӀардигна а шен кӀорнеш чуяхка бен карабо Хьан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь, массо а ницкъийн Веза Эла, сан Паччахь а, Дела а!
[5] Декъала бу Хьан цӀа чохь бехаш берш: уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.
[6] Декъала ву шен ницкъ Хьох боьзна верг а, Хьан цӀийне болчу новкъахула ваха дагахь верг а.
[7] Белхаран аренгахула дӀабоьлхуш, цигахь цара хьостанийн меттиг йо, гуьйренан догӀано иза Ӏаьмнашца юзайо.
[8] Церан ницкъ тӀех совболу, уьш Цийонна тӀехь Далла хьалха дӀахӀуьтту.
[9] Массо а ницкъийн Веза Дела, дӀахазахьа сан доӀа! ДӀахазахьа ас бохург, Якъубан Дела.
[10] Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела! Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг.
[11] Хьан кертахь даьккхина долу цхьа де вукху меттехь даьккхина эзар дийнал а тоьлу, Делан цӀийнан кевнехь латтар гӀоле ду Ӏесачеран четарш чохь Ӏачул.
[12] Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦӀеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.
[13] Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Декъала ву Хьох тешна Ӏаш верг!