[1] Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш. Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.
[2] Хастам бе Везачу Элана, дечиг-пондар локхуш, ала Цунна иллеш итт мерз болу пондарца.
[3] Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш.
[4] ХӀунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду, Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь тешаме ву Иза.
[5] Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.
[6] Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Ӏаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а.
[7] ХӀордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина, кӀорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна.
[8] Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах, инзардовлийла Цунна хьалх дуьнен чохь мел дехарш.
[9] ХӀунда аьлча Цо элира – иза хилира, Цо омра дира – иза дӀахӀоьттира.
[10] Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хӀаллакйо халкъийн Ӏалашонаш.
[11] Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.
[12] Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ. Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза.
[13] Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кӀентий го Цунна.
[14] Ша охьахиъна Ӏаш волчу сийлаллин гӀанта тӀера лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка охьахьоьжуш ву Иза.
[15] Везачу Эло кхоьллина церан массеран а дегнаш, церан мел долчу гӀуллакхийн духе а кхуьу Иза.
[16] Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху. Шен боккха ницкъ хиларх тӀемало а кӀелхьара ца волу.
[17] Дин а бац тешаме стаг кӀелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кӀелхьарвоккхур вац цо иза.
[18] Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а, Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгӀучаьрга а.
[19] Цо уьш Ӏожаллех а кӀелхьарбоху, кхача а ло царна мацалла хӀоьттинчу хенахь.
[20] Вай Везачу Элах тешна ду. Иза вайн гӀоьнча а, вай лардо турс а ду.
[21] Везачу Элана самукъадаьлла ду вайн дегнаш, Цуьнан сийлаллин цӀарах тешна вай деха дела.
[22] Веза Эла, Хьан хедар боцу безам хуьлийла тхуна тӀехь тхо Хьох тешна Ӏаш долчу хенахь.