[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Йиш.
[2] Цийон-ломахь Хьуна хастам бан хьакъ ма ду, Дела, Хьуна дина нигаташ кхочушдина хир ма ду.
[3] Тхан доӀанаш Хьуна дӀахеза. Муьлхха а адам Хьуна тӀе догӀу.
[4] Къилахь долчу гӀуллакхаша гӀелвина со, ткъа Ахь тхан зуламашна гечдо.
[5] Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Ӏайта Хьайна тӀеозийнарг! Тхо Ӏаьбна хир ду Хьан цӀийнан диканах, Хьо Ӏаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо.
[6] Тхо кӀелхьардохург волу Дела, Хьо жоп луш ву тхуна ларамах дузуьйтуш долчу паргӀатдахаран гӀуллакхаш дарца. Лаьттан массо а маьӀӀехь болчеран а, генарчу хӀордашца болчеран а сатуьйсийла а Хьо ву.
[7] Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дӀахӀиттадо, Хьайн гӀодаюккъехь гӀора а Ахь латтадо.
[8] ХӀордийн а, церан тулгӀенийн гӀовгӀа а, халкъийн карзахдалар а дӀасацош верг а Хьо ву.
[9] Лаьттан йистошкахь бехаш берш Хьан тамашийнчу билгалонашка ларамах буьзна бу. Малхбалехь а, малхбузехь а бехаш болчаьрга Хьайна хастамаш бойту Ахьа.
[10] Ахь латта Ӏалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тӀехъюьзна йолу хин Ӏовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гӀуллакхна кхоьллина дела.
[11] Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гӀорзанаш дӀа а шарйо, догӀанан тӀадамашца латта кӀад а до, цу тӀехь мел яьлла хӀума декъал а йо.
[12] Ахь шарна а, коьрта тӀе таж санна, беркат кховдадо, Хьан лараш а токхонах юьзна ю.
[13] Ахь яьссачу аренашкахь дежийлаш а ло, гунаш хазахетарх а дузу.
[14] Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш. ТогӀешкахь ялта ду кхуьуш, даккхийдерца эшарш а лоькхуш.