Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:34

[1] Дауда язйина назма. Ӏалашвехьа со, Ва Дела, Ахьа со ларвар аса лоьху дела.

[2] Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла. Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац».

[3] Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча, уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву.

[4] Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц.

[5] Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу.

[6] Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду, Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду.

[7] Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво. Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо.

[8] Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.

[9] Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а кхерамехь дац.

[10] ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.

[11] Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агӀор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту.

Забур — Chapters