Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:44

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Генахь дӀатийна кхокха» олучу мукъамехь ала езаш ю. Гати-гӀалахь ша пӀелаштамхоша дӀалаьцначу хенахь Дауда язйина назма ю иза.

[2] Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагӀаша эккхийна лелош ву со, хӀора дийнахь тӀелеташ, цара ницкъ бо суна.

[3] Сайн кӀесаркӀога чохь церан садеӀар хаало суна хӀора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш!

[4] Со кхоьручу хенахь Хьох дегайовхо ю сан.

[5] Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Делах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру. ХӀун дийр ду суна гӀорасизчу адамо?

[6] Денна а мостагӀаша хуьйцу сан дешнаш, сох йолу церан ойланаш зуламна ю.

[7] Вовшех а бетталуш, теба а тебаш, со воьду меттиг ларйо цара, сан са эцархьама.

[8] Шаьш лелочу харцонна кӀелхьардовлар хир дуй те царна? Дела, Хьайн оьгӀазаллица таӀзар дехьа цу нахана.

[9] Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош. Сан бӀаьрхиш Хьо волчуьра пхьегӀи чу гулделла, Хьан тептар тӀехь-м дац те уьш?

[10] Сан мостагӀий юхабовлу, со Хьоьга кхайкхича, хӀунда аьлча суна хаьа Дела сайгахьа вуйла.

[11] Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Везачу Элехь ас хастадо и дош,

[12] Цунах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру. ХӀун дийр ду суна адамо?

[13] Хьуна йина чӀагӀонаш кхочушъяр ду суна тӀехь. Хьуна баркаллин сагӀанаш дохур ду ас.

[14] Ахь валарх кӀелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта.

Забур — Chapters