[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: назма. Аз айдина кхайкхалахь Деле, дерриг а дуьне.
[2] Цуьнан цӀеран сийлаллина йиш лакха, Цуьнан сийдеш, Цунна хастамаш бе.
[3] Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха.
[4] Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьӀа, цо Хьуна эшарш а лоькху. Хьан цӀарна эшарш лоькху цо!»
[5] Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гӀуллакхашка. Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду.
[6] Цо хӀорд а лакъийра, латта декъа а хилийтира. Тхан дай, Йордан-хи а лекъна, декъачу лаьтта тӀехула гӀаш дехьабевлира. Цигахь Цунна даккхийдеш хуьлийла тхо!
[7] Шен нуьцкъалаллица Цо гуттара а олалла до. Цуьнан бӀаьргаш халкъашна тӀедерзийна ду. Аьрха нах Цунна дуьхьал ма гӀовттийла!
[8] Халкъаш, аша вайн Далла хастам бе, Цунна бечу хастаман аз дӀахозийла.
[9] Цо вайн синош а дийна дитина, вайн когаш а бега ца байтина.
[10] Веза Дела, Ахь зийна тхо, цӀергахь лала а деш, цӀандо дети санна, цӀан ма дина Ахь тхо.
[11] Ахь тхо гуре лацийтира, тхан ги деза маххьаш дехкира.
[12] Ахь тхан кортош тӀехула мостагӀа ластавайтира. ЦӀерах а, хих а тхо чекхдевлира, ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира.
[13] Дийнаташ дагоран сагӀанаш дахьаш, со Хьан цӀийнан керта вер ву, Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду.
[14] И нигаташ ас дина, со холчу хӀоьттича, сан багара уьш девлира, со вистхилча.
[15] Хьуна сагӀина ас дерстина дийнаташ дахьар ду, койн мохь а ягор ю. СагӀина ас стерчий а, бежалой а яхьар ю.
[16] Схьа а дуьйлий, ладогӀийша, Далла хьалха ларамах дуьзначу массара а, Цо сан дуьхьа мел динарг дуьйцур ду ас шуна.
[17] Сайн багахула кхайкхира со Цуьнга, сайн маттаца лакхаваьккхира ас Иза.
[18] Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара, Хьалдолчу Элана со дӀахезар вацара.
[19] Ткъа Далла со дӀахезира, сан доӀан озан Цо тидам бира.
[20] Хастам бу сан доӀа дӀа ца теттина волчу а, Шен безам сох дӀа ца къастийна волчу а Далла.