Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:04

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттийча, тхо гӀенах лелаш санна дара.

[2] Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гӀуллакхаш дина!»

[3] Сийлахь хӀуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина, цундела тхо сакъералуш дара.

[4] КхидӀа а юхаметтахӀиттадехьа тхо, Веза Эла, якъаеллачу аренгахь Ӏовраш хецар санна.

[5] БӀаьрхишца латта дӀадийначо самукъадаларца ялта хьокхур ду.

[6] Белхарца хӀу эцна кха тӀе воьдуш верг самукъадаларца шен цӀевнаш дахьаш юхавоьрзур ву.

Забур — Chapters