Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:04

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Асайпан назма.

[2] Самукъадаларна йиш лакха вайн ницкъ болчу Далла. Синкъераме мохь бетта Якъубан Деле.

[3] Йиш лакха, жиргӀа етта, хаза дечиг-пондар а, мерз-пондар а лакха.

[4] Коьман маӀа лакха бутт цӀинлучу хенахь а, бутт бузар вайн дезде долчу хенахь а.

[5] Иштта ду Исраилан халкъана делла парз, иза ду Якъубан Дала тӀедиллинарг.

[6] Иза Дала Юсупан тӀаьхьенна тӀедиллина, Мисар-махкана дуьхьал Иза араволучу хенахь. Сайна бевзаш боцу мотт суна хеза:

[7] «Ас шун белшашна тӀера мохь дӀабаьккхина, шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна.

[8] Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кӀелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.

[9] ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас шуьга дӀахьедо. Исраил, ахьа мукъана а Соьга ладогӀахьара!

[10] Шайна юкъахь хийра дела ма хилийта, кхечу къаьмнех волчу далла Ӏибадат а ма де.

[11] Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара арадаьхнарг. ДӀаелла хьайн бага, Ас иза хьалаюзур ю.

[12] Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугӀура, Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара.

[13] Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира.

[14] Сан халкъо мукъана Соьга ладогӀахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара!

[15] ТӀаккха церан мостагӀашна тӀехь Ас сихха толам боккхур бара, царна дуьхьалбевллачарна тӀе Сайн куьг хьажор дара.

[16] Веза Эла ца везаш берш кхерарца Цунна хьалха суждана гӀур бара, ткъа царна тӀехь долу таӀзар массо а ханна лаьттар дара.

[17] Ас шуна уггар дика кӀа даор дара, тархах даьккхина моз а лур дара шуна».

Забур — Chapters