Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кӀентан Сулим-паччахьан кицанаш ду.

[2] Церан Ӏалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Ӏамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а.

[3] Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцӀеналла а Ӏаморхьама.

[4] Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а.

[5] Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла.

[6] ХӀара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хӀетал-металех а кхетийтархьама а.

[7] Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а.

[8] ЛадогӀа, сан кӀант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогӀа, нанас дина весеташ а дӀа ма татта,

[9] хӀунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду.

[10] Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло.

[11] Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цӀий Ӏано кӀелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кӀело йийр ю вай.

[12] Эхарто дийна берш дӀакхалларе терра, кошо могуш берш хӀаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дӀакхоллур бу уьш.

[13] Ваьшна деза мел долу хӀума схьагулдийр ду вай, вешан цӀенош хӀонсах хьала а дузуш.

[14] Тхох схьакхета, тӀаккха и хӀонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай».

[15] Сан кӀант, цу нахаца дӀа ма гӀолахь, церан лорах дӀавахарх ларлолахь,

[16] хӀунда аьлча церан когаш вониг долчу дӀауьдуш бу, уьш цӀий Ӏано сихбелла а бу.

[17] Олхазарийн бӀаьргашна хьалха речӀа хӀоттор эрна ду –

[18] амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цӀий Ӏанорна кӀелховшу, шайн дахарна кӀело а йо цара!

[19] Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хӀора а стаг шен дахарх вер ву.

[20] КӀорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу,

[21] адам гулделлачу меттигашкахь а, гӀалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо:

[22] «Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш?

[23] ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду.

[24] Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара.

[25] Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира.

[26] Цундела со а кхаьрдар ду шуна тӀедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Ӏадийна дӀахӀиттича –

[27] шуна тӀе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтӀанан мох санна, шуна вон тӀедеача, шу гӀайгӀане, сингаттаме хилла, дӀахӀиттича.

[28] ТӀаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна,

[29] шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а,

[30] иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш.

[31] И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дӀакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш.

[32] Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна.

[33] Амма соьга ладоьгӀнарг, паргӀат а волуш, цхьана а агӀор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш».

Кицанаш — Chapters