Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:28

[1] Кхорахьан тӀаьхьенан назма. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ӏезарахьахо волчу ХӀайманан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат Лаунат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.

[2] Веза Эла, сан кӀелхьарваларан Дела! Хьоьга кхойкху со дийнахь а, Хьуна хьалха ву со буса а.

[3] Хьан юьхь-дуьхьал дӀакхочийла хӀара сан доӀа. ЛадогӀахьа хӀокху сан орца даккхаре.

[4] ХӀунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна, ткъа дахар эхартана уллохь ду.

[5] Со кошана уллохь болчу нахаца дӀанисвелла. Со гӀора доцу стаг хилла дӀахӀоьттина.

[6] Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву, со вийна Ӏуьллу стаг санна ву, Хьуна дага а ца вогӀуш, Ахь гӀо дечуьра дӀа а ваьлла.

[7] Ахь со эхартан саьнгар чу виллина, бодане, бух боцучу Ӏин чу тесна.

[8] Язъелла суна тӀехь Хьан дералла, Хьайн ерриге а тулгӀенашца хьаьшна Ахьа со.

[9] Ахь сан доттагӀашка а со витийтина, царна хьалха маьттаза вина дӀахӀоттийна Ахьа со. Со чохь Ӏаш ву, аравала йиш а яц сан.

[10] Сан бӀаьргаш дукха велхарна лозуш бу. ХӀора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву, сан куьйгаш Хьоьга дӀакховддийначохь лаьтташ ду.

[11] Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гӀуллакхаш? Я белларш, хьала а гӀевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу?

[12] Хьан хедар боцучу безамах лаьцна коша чохь дуьйцуш хир ду ткъа? Я Хьан тешаме хиларх лаьцна талхаран меттехь дуьйцуш хир ду ткъа?

[13] Ахь дина тамашийначу гӀуллакхех лаьцна боданечу меттехь хуур ду ткъа? Бицбеллачеран дуьненахь Хьан нийсонах лаьцна хуур ду ткъа?

[14] Амма со, Веза Эла, Хьоьга кхойкхуш ву, сахуьлучу хенахь ас сайн доӀа Хьуна хьаладоуьйту.

[15] Веза Эла, со хӀунда дӀатоьтту Ахь? Сох хӀунда йоху Ахьа Хьайн юьхь къайла?

[16] Ас жимачу хенахь дуьйна гӀело а хьоьгу, Ӏожаллина уллохь а ву со. Хьан къематаш а хьоьгуш, со дог доьхна ма ву.

[17] Хьан дералла суна тӀехула йоьдуш ю. Хьан бохамаша со хӀаллаквеш ву.

[18] Дийнахь сарралц цара, тӀехдогӀучу хино санна, суна го бо, цара со массо а маьӀӀера дӀа а хьулво.

[19] Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагӀий а дӀабаьхна. Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна.

Забур — Chapters