Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:04

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу.

[2] Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хӀинца дуьйна массо тӀейогӀучу ханна.

[3] Ӏесачу наха суьпачу нехан лаьтта тӀехь куьйгалла дар даим дуьсур дац, суьпачу нахе шайн куьйгаш зулам дарна тӀе ца кховдадайтархьама.

[4] Диканиг дехьа, Веза Эла, дикачарна – цӀена дегнаш долуш болчарна.

[5] Амма харц новкъа бевллачарна – Везачу Эло таӀзар дойла харцонаш лелочаьрца цхьаьна. Исраилна тӀехь машар хуьлийла!

Забур — Chapters