[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза.
[2] Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн.
[3] ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела, аса доккхучу орцане. Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш.
[4] Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.
[5] Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву. Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац.
[6] Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.
[7] Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а.
[8] Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цӀа чу вер ву, гора а хӀоьттина, Хьан дезачу цӀа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву.
[9] Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагӀий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тӀебоьду сан некъ.
[10] Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац! Церан дегнаш хӀаллакдаран лаамех дуьзна ду, церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю, шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара.
[11] Дела, ларахьа уьш бехке! Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна. И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела, Хьайна дуьхьал уьш бовларна.
[12] Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш. Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла. Ткъа Ахьа ларбехьа уьш. Хьо везарш самукъане хуьлийла, Ахьа мел дийриг бахьана долуш.
[13] Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг. Хьан безамо иза, турсо санна, ларво.