[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаула Дауд верхьама цуьнан цӀа долчу кӀелховша нах бахийтича, Дауда язйина назма ю иза.
[2] Сан Дела, мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа! Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа.
[3] Харцо лелочарах со Ӏалашвехьа, цӀий Ӏанор дезаш болчарах со кӀелхьарваккхахьа.
[4] Уьш сан синна кӀелхевшина бу. Ас зулам дина я къа латор бахьана долуш, гуллуш бац нуьцкъалнаш суна дуьхьал, Веза Эла.
[5] Сан бехк боццушехь, суна тӀелата дӀагуллуш бу уьш. Орцах а валий, хьажахьа соьга.
[6] Массо ницкъийн Веза Дела, Исраилан халкъан Дела, самавалахьа дерриг халкъашна дуьхьалвалархьама, Мекарчарах цхьаннах а къинхетам ма бехьа.
[7] Суьйранна схьабогӀий, жӀаьлеш санна, угӀу уьш, гӀалина гонах а лелаш.
[8] Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара.
[9] Амма, Веза Эла, Хьо воьлуш ву царах. Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор ду дерриг а халкъаш.
[10] Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху, хӀунда аьлча Хьо, Дела, сан гӀап ю.
[11] Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву. Дала со сайн мостагӀашна тӀехула хьоьжуьйтур ву.
[12] Цкъачунна хӀаллак ма бе уьш, хилларг сан халкъана диц ца далийта. Хьайн ницкъаца дӀасакхиссинчул тӀаьхьа, эшабе уьш, Веза Эла, тхо лардеш верг.
[13] Церан матта тӀера дош баганца латийна къа ду. Шайн куралла бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла уьш, шаьш дуьйцу неӀалт а, харцдерг а бахьана долуш.
[14] Хьайн оьгӀазаллица, хӀаллакбай, дӀабахахьа уьш. ДӀахоийла царна Якъубан махкана тӀехь Дела вуйла а, Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а.
[15] Суьйранна схьабогӀий, жӀаьлеш санна, угӀу уьш, гӀалина гонах а лелаш.
[16] Юург лоьхуш, кхерста шайна, меца а долуш, гӀигӀ а деш.
[17] Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду, Ӏуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу, хӀунда аьлча суна тӀе хало хӀоьттича, Хьо сан гӀап а, кӀелхьарволу меттиг а хилла.
[18] Дела, сан ницкъ! Хьо хастор ву ас, хӀунда аьлча Хьо сан гӀап а, со везаш волу Дела а ма ву.