Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:33

[1] Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?

[2] Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.

[3] Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш, церан олаллех паргӀатдевр вай!»

[4] Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.

[5] ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна, Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:

[6] «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь».

[7] Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох.

[8] Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.

[9] Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».

[10] Кхетийша, паччахьаш! Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой!

[11] Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!

[12] Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а, шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!

Забур — Chapters