Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:42

[1] Даудан назма. Веза Эла! Хьан хӀусамехь Ӏан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тӀехь ваха хьенан ю бакъо?

[2] Иза дан бакъо ю, цӀеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун.

[3] Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун.

[4] Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дӀатеснарг бӀаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чӀагӀо йинехь, шен дашана тӀера волуш воцучун.

[5] Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву.

Забур — Chapters