[1] Даудан назма. Веза Эла! Хьоьга кхойкху ас, сихлохьа суна тӀекхача, ас Хьайга кхойкхучу хенахь, сан озе ладогӀахьа.
[2] Хаза хьожа йогӀу хӀума санна, сан доӀа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагӀа санна хуьлийла.
[3] Веза Эла, сан бете ха хӀоттадехьа, сан балдийн неӀарехь гӀарол дехьа.
[4] Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу, харцонаш лелочу адамашца цхьаьна зуламе гӀуллакхаш дарх генаваккхахьа со. Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со.
[5] Дикачу стага суна таӀзар дойла – иза безам хиларца ду. Цо со нисвойла – сан коьртана долу даьтта иза ду. Сан корта цунах дӀа ма къаьхкийла! Ткъа сан доӀанаш гуттар а Ӏесачеран зуламна дуьхьал ду.
[6] Церан тхьамданаш тархашна тӀера чукхуьссучу хенахь, нахана хуур ду сан дешнаш бакъ дуйла.
[7] Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна, вайн даьӀахкаш а дӀасакхиссина ю, эхартан баганна уллохь а Ӏохкуш.
[8] Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тӀе хьажийна бу сан бӀаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дӀа ма тасалахь сан са!
[9] Суна йоьгӀначу речӀанех а, харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со.
[10] Ӏеса нах шайн речӀанаша лоьцийла, ткъа со маьрша дехьаволийла.