Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:18

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг!

[2] Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза.

[3] ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.

[4] Иштта декъал хир ву Везачу Элах кхоьруш волу стаг!

[5] Цийон-лам тӀера Везачу Эло декъалвойла иза. Ярушалайм-гӀалин заза даккхар гойла цунна массо а цуьнан дахаран деношкахь.

[6] Шен берийн бераш а гойла цунна. Машар лаьттийла Исраил-махкахь!

Забур — Chapters