[1] Даудан назма. Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.
[2] ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а, хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву.
[3] Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе, я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь?
[4] Шегара зулам цадолуьйтург, дог цӀена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
[5] Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.
[6] Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран, Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!
[7] Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
[8] Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чӀогӀа а волу, тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.
[9] Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
[10] Мила ву сийлаллин Паччахь? Массо а ницкъийн Веза Эла, Иза сийлаллин Паччахь ву.