[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш йолу Даудан назма ю хӀара.
[2] Ва Дела, кӀелхьарваккхахьа со, хӀунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш.
[3] КӀоргачу уьшал чохь висна со, тӀе ког хӀотто меттиг а яц суна. Хийн кӀоргене чуваьлла со, цуьнан чехка дахаро дӀавуьгу со.
[4] Орцанаш дукха дахарна ца мегачу ваьлла со, къамкъарг якъаелла сан. Сайн Деле ладегӀарна, бӀаьргаш гӀелделла сан.
[5] Ца веза бахьана доцуш, со ца везарш сан коьртарчу месел а дукха бу. Харц бахьанашца сан мостагӀий нуьцкъала бу, ткъа уьш со хӀаллакван гӀерташ бу. Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург, шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво.
[6] Ва Дела! Хьуна евза сан сонталла а, сан къинош а Хьох къайла ца девлла!
[7] Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла, Хьоьга сатийсар долчарна со бахьанехь эхье хӀума тӀе ма догӀийла. Исраилан халкъан Дела, Хьо лоьхуш лелаш берш соьгахула юьхьӀаьржачу ма хӀуьттийла.
[8] Хьан дуьхьа лов аса сайна бо тӀехбеттамаш, дерриг а со, юьхьӀаьржачу а хӀуьттуш.
[9] Сан вежаршна хийра хета со, сан ненан кӀенташна геннара хета со.
[10] ХӀунда аьлча Хьан цӀийне болчу хьагамо вагош ву со, ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тӀе эгадо.
[11] Велха а воьлхуш, ас марханаш кхобу, ткъа и бахьанехь со дола хета.
[12] Сингаттаман духар сайна тӀе духу аса, ткъа цара сох лаьцна беламна кицанаш даладо.
[13] ГӀалин кевнехь хиъна Ӏаш болчара сох лаьцна ца бешаш къамелаш до, чагӀар муьйлучара а, сох буьйлуш, со шайн эшаршна юкъавалаво.
[14] Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доӀа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кӀелхьарвоккхург хиларна, дӀахазахьа со.
[15] Со кӀел ца висийтархьама, уьшал чуьра хьалаваккхахьа со. Соьга безам боцучех а, кӀоргачу хих а кӀелхьарваккхахьа со.
[16] Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа, кӀоргачу хине со дӀа а ма кхаллийтахьа, эхарта чу а вахийтина, иза суна тӀаьххье дӀа а ма къовлийтахьа.
[17] Хьан безам дика болу дела, Веза Эла, со дӀахазахьа, Хьан боккхачу къинхетамалле хьаьжжина, соьгахьа схьаверзахьа.
[18] Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дӀа ма ерзаехьа. Сихха дӀахазахьа со, хӀунда аьлча со гӀайгӀанехь ма ву.
[19] Сан синна гергахьа а волий, иза кӀелхьардаккхахьа. Сан мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа.
[20] Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьӀаьржачу хӀиттош хилар а. Сан берриг а мостагӀий Хьуна хьалха бу.
[21] Со емалваро сан дог а дохийна, со холчу а хӀоттийнера. Аса сайх къинхетам бар лоьхура, амма иза бацара суна. Аса сайн догъоьцурш лоьхура, амма уьш ца карийра суна.
[22] Сан кхачанца цара стим эбира суна, со хьогах волуш къонза малийра суна.
[23] Шаьш дуучу тойнах дӀалоцу бой хуьлийла царна, цунах гур хуьлийла церан доттагӀашна.
[24] Царна хӀумма а ца гайта, церан бӀаьргаш кхулийла. Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла.
[25] Царна тӀе Хьайн дералла Ӏанаехьа. Хьан чӀогӀачу оьгӀазалло дӀалоцийла уьш.
[26] Церан меттамотт а бассийна хуьлийла, церан четарш чохь цхьа а ма вехийла.
[27] Ахь таӀзар диначарна тӀаьхьабевлла лелаш бу уьш. Ахь лазийначеран баланех лаьцна къамелаш деш бу уьш.
[28] Церан массо а къинош дӀаяздехьа, Хьайн кӀелхьарбахаре уьш ма кхачийтахьа.
[29] Дийна болчеран тептар тӀера церан цӀераш дӀайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цӀерашца цхьаьна церан цӀераш ма язйойла.
[30] Ткъа аса гӀело а хьоьгу, со баланехь а ву. Дела, Ахь со кӀелхьар а воккхийла, лар а войла.
[31] Сайн Делан цӀеран сийлалла ас иллешкахь хастор ю, баркалла аларца ас Иза хьалавоккхур ву.
[32] Иза Везачу Элана тамехь хир ду, сагӀина бахьачу старал а, маӀаш а, бергаш а йолчу старгӀанал а.
[33] ГӀело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду. Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду.
[34] ХӀунда аьлча Везачу Эло мискачаьрга ла а дугӀу, йийсарехь болу Шен нах Цо дӀа а ца тотту.
[35] Хастамаш бойла Цунна стигалша а, лаьтто а, хӀордо а, цу чуьра дийна мел долчу хӀумано а.
[36] Дала Цийон-лам кӀелхьарбоккхур бу. Цо ЯхӀуд-мехкан гӀаланаш юхаметтахӀиттор ю. Цигахь адам даха а хуур ду, и латта цара шайн дола а доккхур ду.
[37] И мохк Цуьнан леш болчеран тӀаьхьенна кхочур бу, Цуьнан цӀе езаш берш цигахь баха ховшур бу.