Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:57

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме назма,

[2] эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу.

[3] Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг? Дела массо а ханна тешаме ву.

[4] Хьан матто хӀаллакьхилар дуьйцу, ира урс санна бу хьан иза, ямартниг!

[5] Хьуна вониг дикачул алсам деза, бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна.

[6] Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт.

[7] Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо, цӀа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.

[8] Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу. Уьш боьлур бу цунах:

[9] «Делах шен чӀагӀо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тӀехь чӀагӀвелла вара и стаг».

[10] Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву.

[11] Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас. Хьан цӀарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалх.

Забур — Chapters