Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:03

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Асайпан назма.

[2] Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цуьнга орца а дохуш. Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цунна со дӀахазийтархьама.

[3] Бала тӀебеанчу дийнахь со Хьалдолу Эла лохуш ву. Буьйсанна сайн ши куьг саццаза дӀасадохуьйту ас, амма сан са шена синтем барх къаьхка.

[4] Дела дага а оьхуш, ас узарш до. Ойланаш а еш, сан са доьхна ду.

[5] Ахьа соьга ши бӀаьрг дӀа ца къовлуьйту, гӀайгӀанехь хиларна, вист а ца хилало со.

[6] ДӀадаханчу денойх лаьцна ас ойла йо, тохарлера шераш суна дагаоьху.

[7] Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна, ойла а еш, сан сино хоьтту:

[8] «Массо а ханна дӀатеттина те со Хьалдолчу Эло, кхин цкъа а резахир вуй те Иза?

[9] Цуьнан хедар боцу безам гуттаренна а дӀабаьлла те, Цуьнан ваӀда массо а тӀаьхьенашна дӀадаьлла те?

[10] Шен дикалла гайтар Дала дицдина те? ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»

[11] Ткъа ас элира: «ХӀара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар».

[12] Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гӀуллакхаш, дагадоуьйтур ду ас Ахьа дӀаяханчу заманахь дина тамашийна хӀуманаш.

[13] Со кхета хьожур ву дерриг а Хьан гӀуллакхех, ойла йийр ю ас Хьан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна.

[14] Дела! Беза бу Хьан некъ. Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна!

[15] Хьо тамашийна гӀуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву.

[16] Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кӀелхьардаьккхина, Якъубан а, Юсупан а тӀаьхье.

[17] Хишна Хьо гина, ва Дела, Хьо ган а гина, уьш кхераделла, кӀорга хӀорд а лестина.

[18] Мархаша хи охьаоьхуьйтура, стигал а яра къекъаш, Хьан пхерчий а дара кхуьссуш.

[19] Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара.

[20] Хьан некъ хӀорда юккъехь бу, доккхачу хишна юккъехула дӀабоьду Хьан некъ, амма Хьан лараш ца гинера.

[21] Жа санна, дӀадуьгура Ахьа Хьайн халкъ Мусан а, АхӀаронан а куьйгаца.

Забур — Chapters