Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:06

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.

[2] КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.

[3] ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.

[4] Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа! Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа!

[5] Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо, хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»

[6] Везачу Эло боху: «ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна».

[7] Везачу Элан дешнаш – цӀена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхӀазза дахчийна дети санна уьш ду.

[8] Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо, оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.

[9] Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела, массара а зуламениг хесточу хенахь.

Забур — Chapters