Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:40

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

[2] Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.

[3] Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.

[4] Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш.

[5] Дерриг а лаьтта тӀехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дӀакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Ӏан меттиг елла Дала.

[6] Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кӀант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.

[7] Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хӀума хьул ца ло.

[8] Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чӀагӀо йо. Везачу Эло дӀадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кӀоргге волчунна а хьекъалалла ло.

[9] Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бӀаьргаш серладоху.

[10] Везачу Элах кхерар цӀена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю.

[11] И дерриге а дешил деза ду, мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.

[12] Хьан лена а цара боккха хьехам бо, уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.

[13] Ша латийна массо а къинош хьанна го? Сан къайлаха долчу къинойх цӀанвехьа Ахь со.

[14] Лаам болуш леточу къинойх ларвехьа Хьайн лай, цаьрга суна тӀехь толам а ца боккхуьйтуш. ТӀаккха цӀена хир ву со, даккхийчу къиношна бехке а воцуш.

[15] Веза Эла, сан Тарх а, суна паргӀато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.

Забур — Chapters