Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:40

[1] Веза Воккхачун тхов кӀелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ӀиндагӀехь Ӏаш ву.

[2] Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гӀап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»

[3] Цо кӀелхьарвоккху хьо мостагӀчун гурах а, лечу цамгарх а.

[4] Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.

[5] Буьйсанна хуьлучу Ӏадорах а, дийнахь кхоьссинчу пхарах а кхоьрур вац хьо,

[6] боданехь лелачу уьнах а, делкъехь кхетачу цамгарх а кхоьрур вац.

[7] Хьуна гонах эзар а, аьтту агӀор итт эзар а вожа мега, амма хьуна Ӏожалла тӀейогӀур яц.

[8] Хьайн бӀаьргашца гур ду хьуна зуламечу нахана таӀзар хуьлуш.

[9] Везачу Элах хьайн гӀап йина ахь. Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь.

[10] Хьуна вон болх а хир бац, цамгар хьан цӀенна улло а йогӀур яц.

[11] Везачу Эло Шен маликашна тӀедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар.

[12] Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш.

[13] Лом а, лаьхьа а хьошур ду ахь, лоьман кӀорни а, текхарг а эшор ду.

[14] Везачу Эло олу: «Со везарна кӀелхьарвоккхур ву Ас иза, Ӏалашвийр ву Со ларарна.

[15] Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГӀайгӀанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргӀат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду.

[16] Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду, цунна кӀелхьарвалар а лур ду».

Забур — Chapters