[1] Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма.
[2] Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар, Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,
[3] Ӏуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца, ткъа буьйсанна – Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца,
[4] итт мерз болчу дечиг-пондар тӀехь а, хаза аз долчу дечиг-пондар тӀехь а.
[5] Хьан гӀуллакхаша, Веза Эла, соьга сакъоьруьйту, Хьан куьйго динчунна со хастамийн йиш локхуш ву.
[6] Даккхий ду Хьан гӀуллакхаш, Веза Эла, кӀорга ю Хьан ойланаш!
[7] Хьекъал доцучун кхета ницкъ бац, сонтачун кхетам а ца кхочу,
[8] Ӏесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дӀабаьхна хиларх.
[9] Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц массарна а тӀехь олалла дийриг ма ву!
[10] Хьан мостагӀий, Веза Эла, хӀаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дӀасалаьхкина хир ма бу.
[11] Ткъа со Ахьа, бугӀа санна, ницкъ болуш вина, суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.
[12] Сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна. Сан лергашна хезна суна дуьхьалбевллачара хьекхна маьхьарий.
[13] Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.
[14] Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна, вайн Делан керташкахь заза доккху цара.
[15] Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу, ховха а, сийна гӀа долуш а хуьлу.
[16] Иштта дӀагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а, сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а.